Асхаб Бовкаев Поэзия Доьхначу дегнийн бешахь

Доьхначу дегнийн бешахь

Дуьненах чам байна,
Хьегадеш дегнаш,
Вай кхоьллина хилла-те
Къаьстина лела?

Хилла-те вайн безам
Ницкъ боцуш, г1ийла,
Кхоьлиначу дийношкахь
Дог шелдеш, шийла?

Доьхначу цу дегнийн бешахь
Вовшашка сатуьйсуш, г1ийла,
Х1орд бина, легадеш б1аьрхиш,
Гой хьуна, вайн дегнаш лела?

Вайн деганийн ойла а йина,
Вовшашна къинт1ера даьлла,
Безамах 1абадеш дегнаш,
Дехар вай, хьоменаг, ирсе,
Хийла д1а мел эхарах шераш!

Поделиться с друзьями:

Если вам понравился материал, поделитесь с друзьями — обрадуйте их!

Оставить ответ

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

9 − восемь =