Асхаб Бовкаев Поэзия Хеназа ойлане вуьйлуш…

Хеназа ойлане вуьйлуш…

Хеназа ойлане вуьйлуш
Хьоьх ала дешнаш ас лоьху.
Делега хьо сайна йоьхуш,
Вай цхьанакхетийтар доьху.

Байташкахь дешнашка 1енош
Сайн безам хьоьга кхийдабо.
Даго, шен мукъамаш дохуш,
Шен бала хьоьга балхабо…

Хьо гаре хийла сатуьйсуш
Замано денош д1а хьо.
Вай ганза мел эхарх денош,
Сан ойланехь лаьтта хьо…

Безамо, къинхетам боцуш,
Шен ц1аргахь дог 1ийжа до.
Хьо бен кхин дарба а доцуш,
Сан деган молха ду хьо!

Цкъа гичи а хьо сайна йоьлуш
Мел ирсе хета-кха со…
Цхьа а дуста барам а боцуш,
Мел ч1ог1а еза-кха хьо!

Поделиться с друзьями:

Если вам понравился материал, поделитесь с друзьями — обрадуйте их!

Оставить ответ

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

одиннадцать + девятнадцать =