Баркалла…

Дийнахь маьлхан серлонца,
Буьйсанна баттаца, седаршца
Ас къуьйсура хьан хазалла.
Хазачу б1астенца кхиина
Дара хьо зезаг сан деган…

Сирлачу шовданал ша ц1ена
Хьоьга безам бара дагчохь сан,
Нанас бер санна, ларбина,
Даггара хьоьга кховдийна.

Х1ора дечу ламаз т1ехь
Ас хьо ехара до1анехь,
Сил дукха хьо езарна,
Хьоьца ваха лаарна!

Амма ца хилла хьо суна йоьг1на,
Ирс вай цхьана яздина.
Ца хилла хьан соьца бала,
Хилла ахь со левина!

Суна-м лаара хьоьца ваха,
Безам хьоьга кховдийна!
Ца лии хьуна соьца яха,
Ирс вай цхьана хилийта!

Дара хьо сан деган зезаг
Б1аьстенца хьала кхиина.
Бара хьо сан деган безам,
Даима ас ларбина.

Амма х1инца-м, деган зезаг,
Дуьйжи хьо сан дагчуьра.
Хьайга болу деган безам
Ахь д1а баьккхи чим бина!

Вай дахар ца доьг1на цхьана,
Бехк ца буьллу ас хьуна!
Нагахь, соьгара цатам хиллехь
Ялар доьху къит1ера!

Кхин хезар бац хьуна цкъа а
Дагчуьра безаман мукъам,
Кхин хезар дац хьуна цкъа а
Еза олуш ас хьайга…

Даима суна ч1ог1а лаара
Хьоьга сайна еза ала!
Ткъа х1инца-м ас хьоьга олу
Цкъа а ма гойла хьуна бала!

Хьайна везачу к1антаца
Хуьлийла, езнарг, дахар хьан!
Вай цхьана яьхьинчу ханна
Даггара хьуна баркалла!

Поделиться с друзьями:

Если вам понравился материал, поделитесь с друзьями — обрадуйте их!

Оставить ответ

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

16 − два =