Асхаб Бовкаев Поэзия Деган б1аьсте

Деган б1аьсте

Б1аьстенан лиэпа и дашо малх санна,
Хазаллийна лиэпа хьо, хьоменаг сан.
Хазачу зезагашлахь хаза зезаг санна,
Безамо хаьржина хьо цхьаъ ю сан.

Г1иллакхе, оьзда ю шеко а йоцуш,
Дика дош хьоьх ала к1орда дац суна!
Дог дика хиларан барам а боцуш,
Вайн Дала схьаделла хьо совг1ат суна!

Исбаьхьа хьан амат сан дагчохь лаьтта…
Цкъа мукъне хьо гар а – сан дагна молха.
Хьо ца гуш хан ялар дац цунна атта,
Лаьа цунна даима хьоьха б1аьрг тоха.

Г1ург1езан боларца хьо йог1у яйча
Гаре сатийсина дог парг1ат долу…
Хьо сайга йистхуьлуш хьан хаза аз хезча
Б1аьстенан зазанаш сан дагчохь довлу!

Поделиться с друзьями:

Если вам понравился материал, поделитесь с друзьями — обрадуйте их!

Оставить ответ

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

4 × один =