Асхаб Бовкаев Поэзия Даггара баркалла, сан хьоме хьехархой!

Даггара баркалла, сан хьоме хьехархой!

Сан хьоме хьехархой,
Сан хьоме хьехархой,
Ас цкъа а шу диц дийра дац
Мел вахарах со,
Хан-зама мел яларах
Латтор ду дагчохь!

Хийла вай цхьана
Лайна и баланаш:
Дешарах, дахарах,
Заманах боьзна.
Бицлур бац, бицлур бац
Цу дагна сан!

Хийла вай цхьана
Лайна и хазахетараш:
Дешарах, дахарах,
Заманах доьзна.
Дицлур дац, дицлур дац
Цу дагна сан!

Дицлур дац, дицлур дац
Сан куьг схьа а лаьцна,
Элп нийса, мог1анахь
Аша дилла со 1амор!

Йицлур яц, йицлур яц
Школера хаза хан –
Аша 1амош,
Ас доьшуш д1аяхана хан!

Тахана со дешна
Школера ваьллехь а,
Сан дагчохь даима
Шу лаьттар ду!
Сан мерза баркалла,
Баркалла даггара
Сан шоьга ду!!!

Поделиться с друзьями:

Если вам понравился материал, поделитесь с друзьями — обрадуйте их!

Оставить ответ

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

17 − один =