Метка: нохчийн маттахь

Хьо йина деХьо йина де

Хьо йина хаза де кхачарца т1е Лаар-кха даггара хьо декъал ян! Хуьлийла даима хьан дахар ирсе, Ма кхочийла цкъа а хьан дог доьхна де. Бевзачийн вон ца гуш, дахаро хьоьстуш,

Деган балаДеган бала

Буьйсанаш наб йоцуш йог1у, Хьан амат сан иэсехь лаьтта. Даго хьо даима йоьху, Хьо йоцуш дац цунна атта! Ойланашка вуьссуш хийла, Хьан б1аьра хьоьжу со г1ийла, Царна чохь б1аьрхиш го шийла, Лаьтта хьо, дог доьлхуш, г1ийла.

Доьхначу дегнийн бешахьДоьхначу дегнийн бешахь

Дуьненах чам байна, Хьегадеш дегнаш, Вай кхоьллина хилла-те Къаьстина лела? Хилла-те вайн безам Ницкъ боцуш, г1ийла, Кхоьлиначу дийношкахь Дог шелдеш, шийла?

Дала ма лайла вай, кIентийДала ма лайла вай, кIентий

Нохчийн илли “Дала ма лайла вай, кIентий” Цкъа доггах цхьа хаза ХIара дуьне дааза, Дала ма лайла вай, кIентий! Дала ма лайла вай, кIентий! Дуьненан Iаламах Цхьа илли алаза, Дала ма лайла вай, кIентий! Дала ма

Сан хьоме нана!Сан хьоме нана!

Даггара ас доьху хьоьга! Жималлехь хазалла йойуш, Хеназа набарах юьйлуш, Со бахьанехь ахь лайна бала, Доьху хьоьга, къинт1ера яла! Со балхахь, хьаьттахь лелаш, "Мацвелла, лела-те г1ийла? Я, шелвелла, лела-те шийла?" – Ойланаш яйтарна хийла, Доьху хьоьга, къинт1ера яла, Хьо суна, сан хьоме нана!

Вай къастар хала ду дагнаВай къастар хала ду дагна

Даима ойлане вуьйлуш, Йиц ян мел г1ертарах хьо, Хьан озе хийла са туьйсуш Куьйкху хьоьга сан безамо. Вай къастар хала ду дагна Дера дац-те г1ан хилла д1а? Ахь карадерзийначу дагна

Хеназа ойлане вуьйлуш…Хеназа ойлане вуьйлуш…

Хеназа ойлане вуьйлуш Хьоьх ала дешнаш ас лоьху. Делега хьо сайна йоьхуш, Вай цхьанакхетийтар доьху. Байташкахь дешнашка 1енош Сайн безам хьоьга кхийдабо. Даго, шен мукъамаш дохуш, Шен бала хьоьга балхабо…