Буьйсанаш наб йоцуш йог1у, Хьан амат сан иэсехь лаьтта. Даго хьо даима йоьху, Хьо йоцуш дац цунна атта! Ойланашка вуьссуш хийла, Хьан б1аьра хьоьжу со г1ийла, Царна чохь б1аьрхиш го шийла, Лаьтта хьо, дог доьлхуш, г1ийла.

Даггара ас доьху хьоьга! Жималлехь хазалла йойуш, Хеназа набарах юьйлуш, Со бахьанехь ахь лайна бала, Доьху хьоьга, къинт1ера яла! Со балхахь, хьаьттахь лелаш, "Мацвелла, лела-те г1ийла? Я, шелвелла, лела-те шийла?" – Ойланаш яйтарна хийла, Доьху хьоьга, къинт1ера яла, Хьо суна, сан хьоме нана!
Даима ойлане вуьйлуш, Йиц ян мел г1ертарах хьо, Хьан озе хийла са туьйсуш Куьйкху хьоьга сан безамо. Вай къастар хала ду дагна Дера дац-те г1ан хилла д1а? Ахь карадерзийначу дагна
Хеназа ойлане вуьйлуш Хьоьх ала дешнаш ас лоьху. Делега хьо сайна йоьхуш, Вай цхьанакхетийтар доьху. Байташкахь дешнашка 1енош Сайн безам хьоьга кхийдабо. Даго, шен мукъамаш дохуш, Шен бала хьоьга балхабо…
Б1аьстенан лиэпа и дашо малх санна, Хазаллийна лиэпа хьо, хьоменаг сан. Хазачу зезагашлахь хаза зезаг санна, Безамо хаьржина хьо цхьаъ ю сан. Г1иллакхе, оьзда ю шеко а йоцуш, Дика дош хьоьх ала к1орда дац суна! Дог