Деган бала

Буьйсанаш наб йоцуш йог1у,
Хьан амат сан иэсехь лаьтта.
Даго хьо даима йоьху,
Хьо йоцуш дац цунна атта!

Ойланашка вуьссуш хийла,
Хьан б1аьра хьоьжу со г1ийла,
Царна чохь б1аьрхиш го шийла,
Лаьтта хьо, дог доьлхуш, г1ийла.

Ницкъ белар хьуна т1е кхача,
Безамца хьаста хьан дог,
Вог1ур вара ша леча санна,
Сихаллийца боккхуш ког.

Ницкъ бац вайн вовше ган,
Ур-аттал, я дист хила а.
Дагчуьра бала д1а айъа,
Вовшашна хазахетар дан.

Вай муха дицлур ду вовше?
Я цкъа а и хир дуй-те?
Вай дегнашна дан дарба дуй-те?
Я цкъа а и хир дуй-те?

Поделиться с друзьями:

Если вам понравился материал, поделитесь с друзьями — обрадуйте их!

Оставить ответ

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

20 − 17 =