Асхаб Бовкаев Поэзия Хьан безам – ду шовда шийла…

Хьан безам – ду шовда шийла…

Хьан безам – ду шовда шийла
Кхехкачу кху дийнахь мийла…
Ас йо хьан ойланаш хийла,
Безамца хьо маракъийла…

Хьо ца гуш г1елвелла лела,
Вог1ар ву, хин йисте аьлла,
Вог1ар ву, гур яц-те аьлла…

Нагахь, ахь сунна бакъо лахь,
Сайн кийра хьогах бакъбелла,
Хьо ца гуш сан са гатделла,
Вог1ар ву, хьо йолчу аьлла,
Хьан безаман и шовда мийла,
Хьан безам – ду шовда шийла
Кхехкачу кху дийнахь мийла…

Поделиться с друзьями:

Если вам понравился материал, поделитесь с друзьями — обрадуйте их!

Оставить ответ

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

одиннадцать + 2 =