Метка: Мама

Сан хьоме нана!Сан хьоме нана!

Даггара ас доьху хьоьга! Жималлехь хазалла йойуш, Хеназа набарах юьйлуш, Со бахьанехь ахь лайна бала, Доьху хьоьга, къинт1ера яла! Со балхахь, хьаьттахь лелаш, "Мацвелла, лела-те г1ийла? Я, шелвелла, лела-те шийла?" – Ойланаш яйтарна хийла, Доьху хьоьга, къинт1ера яла, Хьо суна, сан хьоме нана!