Сан хьоме нана!

Даггара ас доьху хьоьга!
Жималлехь хазалла йойуш,
Хеназа набарах юьйлуш,
Со бахьанехь ахь лайна бала,
Доьху хьоьга, къинт1ера яла!

Со балхахь, хьаьттахь лелаш,
«Мацвелла, лела-те г1ийла?
Я, шелвелла, лела-те шийла?»
– Ойланаш яйтарна хийла,
Доьху хьоьга, къинт1ера яла,
Хьо суна, сан хьоме нана!

Со бахьанехь, сингаттам хилла,
Хьан б1аьргара далийтахь хи,
Хаалахь, сан хьоме нана,
Соьгар кхин дера дац и…
Къинт1ера ялалахь суна,
Цатам ас барна хьуна!

Дуьненчохь мел леларах хийла,
Хьоьл деза дац х1умма а дилла…
Дахарехь хьоьл йоккха г1ортол
Карор яц мел лехарах хийла…
Совг1ат ду хьо суна делла
Везачу, кхоьллиначу Дала!
Даггара баркалла хьуна,
Со вина, сан хьоме нана!

Комментариев нет

Оставить комментарий

3 + девятнадцать =