Схьакхетта мела малх арахьӀуьйранна, бӏаьстенанн юьххьахь.Ховхачу куьйгаца, нанас бер санна,Кхетта и, латта хьостуш, зӏаьнаршца.
Схьакхетта мела малх арахьӀуьйранна, бӏаьстенанн юьххьахь.Ховхачу куьйгаца, нанас бер санна,Кхетта и, латта хьостуш, зӏаьнаршца.
Хьан безаме ас сатуьйсу хийла, Ахь хьо йоцуш ваха 1амаво… Хьан безаман доцуш шовда шийла, Сан безамо дог сан 1ийжадо…
Дуьненах чам байна, Хьегадеш дегнаш, Вай кхоьллина хилла-те Къаьстина лела? Хилла-те вайн безам Ницкъ боцуш, г1ийла, Кхоьлиначу дийношкахь Дог шелдеш, шийла?
Нохчийн илли “Дала ма лайла вай, кIентий” Цкъа доггах цхьа хаза ХIара дуьне дааза, Дала ма лайла вай, кIентий! Дала ма лайла вай, кIентий! Дуьненан Iаламах Цхьа илли алаза, Дала ма лайла вай, кIентий! Дала ма
Даггара ас доьху хьоьга! Жималлехь хазалла йойуш, Хеназа набарах юьйлуш, Со бахьанехь ахь лайна бала, Доьху хьоьга, къинт1ера яла! Со балхахь, хьаьттахь лелаш, "Мацвелла, лела-те г1ийла? Я, шелвелла, лела-те шийла?" – Ойланаш яйтарна хийла, Доьху хьоьга, къинт1ера яла, Хьо суна, сан хьоме нана!
Сагатлуш леш доллучу сан жимачу даган, Хьогаллийна леш доллучу зезаган хи санна, Дог дашош, и делош, ду хьоьгар дош.
Даима ойлане вуьйлуш, Йиц ян мел г1ертарах хьо, Хьан озе хийла са туьйсуш Куьйкху хьоьга сан безамо. Вай къастар хала ду дагна Дера дац-те г1ан хилла д1а? Ахь карадерзийначу дагна
Хеназа ойлане вуьйлуш Хьоьх ала дешнаш ас лоьху. Делега хьо сайна йоьхуш, Вай цхьанакхетийтар доьху. Байташкахь дешнашка 1енош Сайн безам хьоьга кхийдабо. Даго, шен мукъамаш дохуш, Шен бала хьоьга балхабо…
Ас лехна ирс схьакарийна, Безамо ойла тилийна, Веха со дахарехь ирсе, Хастам беш Везачу Деле.
Б1аьстенан лиэпа и дашо малх санна, Хазаллийна лиэпа хьо, хьоменаг сан. Хазачу зезагашлахь хаза зезаг санна, Безамо хаьржина хьо цхьаъ ю сан. Г1иллакхе, оьзда ю шеко а йоцуш, Дика дош хьоьх ала к1орда дац суна! Дог