Вай къастар хала ду дагна

Даима ойлане вуьйлуш,
Йиц ян мел г1ертарах хьо,
Хьан озе хийла са туьйсуш
Куьйкху хьоьга сан безамо.

Вай къастар хала ду дагна
Дера дац-те г1ан хилла д1а?
Ахь карадерзийначу дагна
Хала ду хьоьх даьлла 1а…

Мерзачу безамца хьостуш,
Даг т1ера буто ша бостуш,
Маца йог1ур ю-те и зама,
Я йог1ур яц-те и цкъа а?

Комментариев нет

Оставить комментарий

1 × четыре =